Цхьаа вац дуьнен чохь вай гора х1итто
Доьналех дог дуьзна нохчи бу уьш
Муьлхачу некъ хиларх 1ижаме готта |
Баларна ца кхоьруш д1а г1ерта уьш (2 раза)
Нохчий чоь вай даймохк вай синой седа
Цуьнца бу кхолам а, дахаран риц1
Цуьнах д1а хадича, дахарех хеда |
Цо бела массера дог1машна ниц1 (2 раза)
Шовданаш шийла ду, ду чомехь сирла
Муьлхачу цамгарна молха ду уьш
Деха вай вовшашна г1оьнчи а хилла |
Вай дегни йовхо а хьанна д1а луш (2 раза)
Цхьаа вац дуьнен чохь вай гора х1итто
Доьналех дог дуьзна нохчи ду вай
Дахаран некъ хиларх 1ижаме готта |
Вай Дела цхьаъ вина бусалба дай (2 раза)
Дахаран некъ хиларх 1ижаме готта |
Вай Дела цхьаъ вина бусалба дай (2 раза)
Вай Дела цхьаъ вина бусалба дай
ДХК Фирдавс еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1